dcsimg

Ӏаьржа аьрзу ( Chechena )

fornecido por wikipedia emerging_languages

Ӏаьржа аьрзу — (en. Cinereous Vulture), (Оьрсаша "Черный гриф" олу), Шуьйра, дехий тIемаш а долуш, йоккха аьрзу ю иза. Коьрта тIехь мокха до ду цунна. ГIорта ерзина ю. Сийна бос болуш ду дерзина лаг. И лаг дегIах дIахотталучохь мокхачу месийн кач бу. Горга ю цуьнан зIакартIера мерIуьргаш.

  • Яхар ламанца а, ламанан лахенца а ду. Iер цхьана меттехь а, дIай-схьай кхалхарца а ду. Дукха яц и аьрзош. Елла бежна, я говр йолчохь цхьакIеззиг цхьана кхета уьш. Баннаш ламанан даккъашкахь до цара. ХIоа цхьаъ до март баттахь. Ижо лоху вуно лакхара охьа а хьоьжуш, тIам ца ластош, хIаваэхь го а туьйсуш. Церан коьрта даар еллачу хIуманан дилх ду. Цундела "декъий дуург" олу цунах. КIезиг уьш хиларна ларо хьакъ долуш ю и аьрзу.

Суьрташ

Хьажа. кхин

Билгалдахарш

licença
cc-by-sa-3.0
direitos autorais
Wikipedia authors and editors
original
visite a fonte
site do parceiro
wikipedia emerging_languages

Ӏаьржа аьрзу: Brief Summary ( Chechena )

fornecido por wikipedia emerging_languages

Ӏаьржа аьрзу — (en. Cinereous Vulture), (Оьрсаша "Черный гриф" олу), Шуьйра, дехий тIемаш а долуш, йоккха аьрзу ю иза. Коьрта тIехь мокха до ду цунна. ГIорта ерзина ю. Сийна бос болуш ду дерзина лаг. И лаг дегIах дIахотталучохь мокхачу месийн кач бу. Горга ю цуьнан зIакартIера мерIуьргаш.

Яхар ламанца а, ламанан лахенца а ду. Iер цхьана меттехь а, дIай-схьай кхалхарца а ду. Дукха яц и аьрзош. Елла бежна, я говр йолчохь цхьакIеззиг цхьана кхета уьш. Баннаш ламанан даккъашкахь до цара. ХIоа цхьаъ до март баттахь. Ижо лоху вуно лакхара охьа а хьоьжуш, тIам ца ластош, хIаваэхь го а туьйсуш. Церан коьрта даар еллачу хIуманан дилх ду. Цундела "декъий дуург" олу цунах. КIезиг уьш хиларна ларо хьакъ долуш ю и аьрзу.
licença
cc-by-sa-3.0
direitos autorais
Wikipedia authors and editors
original
visite a fonte
site do parceiro
wikipedia emerging_languages