dcsimg
Image of <i>Caulerpa peltata</i>

Plant

Plantae

Ораматаш ( Chechen )

provided by wikipedia emerging_languages

Ораматаш (лат. Plantae, я Vegetabilia) — биологин паччахьалла, коьртачу дуккхаклеткийн организмийн тобанех цхьаъ, царна юкъайогӀу корсам, чураш, говран мерзаш, плаунаш, дерзинахӀушдерш, зезаган ораматаш. Дукха хьолахь ораматашна юкъатуху иштта ерриг хинбецаш я церан цхьайолу тобанаш. Ораматаш (уггаре хьалха зезагнаш) хуьлу дуккха а тайпана дахаран кепашца — царна юкъахь ду дитташ, коьллаш, бецаш, кхин а.

Ораматаш ю ботаника Ӏилманан талламан объект.

Юкъара аматаш

Билгалдар

Истори

Хаттар делчи, стенах ала орамат, жоп чолхе хуьлу. Дуьххьала оцу хаттарна жоп дала гӀиртина ширагрекийн философ а, Ӏилманча а Аристотель, ораматаш чохь садоцу а, садолу а хӀуманашна юккъе ехкина. Цуо билгалдина, ораматаш шеш дӀай схьай яха таро йоцу, дийна организмаш хилар (дийнаташна дуьхьала)[1]. ТӀаьхьа дӀайиллира, цхьанне агӀора ораматийн юкъара кхетамца йогӀуш йоцу, бактереш а, архейш а. XX бӀешеран шолгӀачу декъехь жӀалин нускалш а, цхьацца тайпана хинбецаш а билгалаехира шайн категорешка, хӀунда аьлчи церан пхенийн а, ораман а система ца хиларна, кхечу ораматийн санна[2].

Карара зама

Билгалдоху хьесапаш

Схьайовлар а, эволюци а

Архейн эра (2500—3800 млн шо хьалха)

Палеонтологин карийначаьрга хьаьжча, дийна хӀуманаш паччахьаллашна екъаяла йолаелла 3 млрд шо хьалха. Хьалхара автотрофан организмаш хилира фотосинтез еш йолу бактереш (хӀинца уьш ю таьӀна-цӀен а, баьццара а бактереш, цианобактереш). Масала, мезоархейхь (2800—3200 млн шо хьалха) йолуш яра цианобактерин маташ.

Протерозойн эра (570—2500 млн шо хьалха)

Массо хаттаршна жоп луш йолу, эукариотин фотоавтотрофан организмаш схьайовларан цхьа теори, цкъачунна яц. Царех цхьамма (симбиогенезан теори) тардолуьйту эукариотийн фототрофаш кхоллаелла хилар, дехьаялар эукариотин гетеротрофан амёба кепара клеткаш фототрофан тайпана дааре санна, симбиозехула фотосинтезан бактерешца, цунах тӀаьхьа хлоропласт хилла. Оцу теорица, ишттачу кепара хуьлу митохондреш аэробийн бактерех. Иштта йовлу хин бецаш — дуьххьарлера боккъала а йолу ораматаш. Протерозойн эрехь шуьйра кхуьу цхьаьна клеткан а, колонин синабаьццара а хин бецаш, юкъайовлу цӀиен а, баьццара а хин бецаш.

Палеозойн эра (230—570 млн шо хьалха)

Силуран чеккхенгахь (405—440 млн шо хьалха) Дуьнен тӀехь хуьлу жигара лаьмнаш кхолладаран процессаш, цара гучудоху Скандинавийн лаьмнаш, Тянь-Шанан а, Саянийн а лаьмнаш, ткъа иштта гомха а дой тӀепаза дойу дуккха а хӀордаш. Иза бахьнехь цхьацца хинбецаш (хӀинцалерачу харан хинбецех тера йолу) арайовлу латтан тӀе, яьржа литоралехь а, супралиторалехь а, иза хила таро йира бактерийн а, цианобактерийн а белхаша, цара кхоьллира екъачу меттигашна тӀехь хьена латтан субстрат. Иштта кхоллало дуьххьарлера лакхара ораматашриниофиташ. Риниофитийн башхалла ю хьасанаш юкъадовлар, церан дифференцировка къовламан, механикан, дӀакхеторан, фотосинтез яран. Иза дира цӀеххьана хин Ӏаламах къаьстачу хӀаваан Ӏаламо. Масала:

  • лакхара мелхан радиаци бахьнехь, цунах ларъялархьама дуьххьарлера лаьттан ораматийн схьа а долуш, тӀехула дижа дезара кутин, иза хилира дуьххьарлера мур къовламан хьесий (эпидермаш) кхолладаларан;
  • кутин дижаро таро ца ло тӀуналла ерриг майдано дӀаоза (хинбецаша санна), цуо хуьйцу ризоидийн функцеш, цара хӀинца организм субстратан тӀетесна ца Ӏа, амма цунна чуьра хи а молу;
  • екъаялар лаьттан бухарчу а, тӀехуларчу а декъашка иэшийтира минералаш, хи, фотосинтезан сурсаташ ерриг организме дӀакхачор, ткъа иза дира юкъадевллачу хьесаша — ксилемо а, флоэмо а;
  • хин арататтаран ницкъ ца хиларо, тӀехула латта таро ца хиларо, мелхан серло къовсуш иэшарна, юкъадевлира Ӏалашо лулахочул «айаялар» долу механикан хьесий, кхин цхьаъ фактор яра дика серло хилар, цуо жигара яьккхира фотосинтезан процесс, совдаьккхира углерод, тӀаккха таро хилира механикан хьесий кхолладала;
  • лакхахь йийцина ароморфозаша фотосинтез яран клеткаш къастало хьесий хулий.

Уггаре шира девза орамат — куксони. Куксони карийна 1937 ш. силурийн гӀамаршкахь Шотландехь (хан 415 млн шо гергга). ТӀаьхьара лакхарчу ораматийн эволюци екъаелира шина агӀора: гаметофитан (корсамкепарнаш) а, спорофитан (пхенийн ораматаш) а. Дуьххьарлера дерзина хӀун ораматаш юкъайовлу Мезозойн йоьххьехь (220 млн шо гергга хьалха). Дуьххьарлера къевлина хӀун ораматаш (зезагнаш) кхоллало юран муьрехь.

Классификаци

Классификацин системийн эволюци

Геккель (1894)
Кхоъ паччахьалла Уиттекер (1969)
Пхиъ паччахьалла Вёзе (1977)
Ялх паччахьалла Вёзе (1990)
Кхоъ домена Кавалье-Смит (1998)
Шиъ домен а, ворхӀ паччахьалла а Дийнаташ Дийнаташ Дийнаташ Эукариоташ Эукариоташ Дийнаташ Ораматаш ЖӀалин нускалш ЖӀалин нускалш ЖӀалин нускалш Ораматаш Ораматаш Ораматаш Цхьалханаш Цхьалханаш Хромисташ Протисташ Протисташ Monera АрхейшАрхейш Прокариоташ Архейш Эубактереш Эубактереш Эубактереш

Тайп-тайпаналла

2010 шо долалуш хиллачу хьолашца, Ӏалам лардаран дуьненаюкъара союзан (IUCN) хаамашца, язйина 320 эзар гергга ораматех лаьцна, царех 280 эзар гергга тайпа зезагаш ду, 1 эзар тайпа дерхина хӀу дерш, 16 эзар гергга корсамкепарнаш, 12 эзар тайпа лакхара спорийн ораматаш (Плаункепарнаш, Чурашкепарнаш, Говрмерзкепарнаш)[4]. Амма, и терахь тӀекхеташ ду, хӀунда аьлча гуттаренна а карайо керла тайпанарш.

Экологи

Экологин юкъаметтигаш

Дукхаха долу дийнатийн эволюци хилла ораматашца цхьаьна. Дукхах йолу сагалматаш шайн даар дуъушехь зазан дургал иэдо. Беакогачара стоьмаш а дуий боьхалашца хӀуш даржадо. Дукхах йолу ораматийн кепийн симбиоз хуьлу тайп-тайпанчу жӀаьлин-нускалшца (микориза). ЖӀаьлин-нускалш гӀо до ораматашна лаьттах хи а, минералаш а даха, ткъа орамаш латтадо жӀаьлин-нускалшна фотосинтезах даьхна углеводородаш. Ду иштта симбиозан жӀаьлин-нускалш — эндофиташ, уьш деха ораматан чохь, аьтту бо шен ден организме дегӀдоккхуьйтуш.

Паразитизм

Ораматаш-паразиташ ю лахарчу а, лакхарчу а орамашна юкъахь. Ишттачу ораматаш дахьа зулам юьртабахаман.

ГӀира ораматаш

гӀира ораматан 500 кеп ю. Йовлу гӀира ораматаш дукха хьолахь даарца а, минералийн туьхнашца а къиен долчу латта тӀехь. Ораматийн «гӀиралла» йоьзна ю лаьттаца азот кӀезиг хиларх, цундела Ӏемина гӀира ораматашна тайп-тайпана хӀилланашца лоьцучу сагалматех а, кхечу дийнатех а азот даккха.

Российн хьаннашкара уггаре гӀараяьлла гӀира орамат ю тхинбуц (Drosera rotundifolia). Оцу ораматаш гӀашшан йисташкахула тхинах тера тӀелета тӀуналла йолийта, — муьста юург ахьаран мутт. Сагалмат тӀехуа «тхин» тӀадамна, тӀелетий тхибецан даар хуьлу.

Кхин гӀараяьлла гӀира ораматаш — мозий лоьцу венерина, дарлингтони, жирянка, тхибуц.

Ораматийн хӀоттам

Цхьайолчу ораматийн чӀогӀа чолхе хӀоттам бу, амма цхьаерш цхьа клетка йолу организмаш ю. Масала: хлорелла, хламидомонада, кхин дӀа а.

Ораматийн клеткийн амалехь бу боккха бустаран барам (наггахь масех сантиметр), морса целлюлозех лаьтта клеткан чкъор, хлоропласт а, тургор лело таро луш йоккха юккъера вакуолаш хилар. Екъалучу хенахь пардо кхоллало шортта лоппаргаш цхьаьнакхетий (фрагмопласт). Ораматийн сперматозоидаш шиъ (корсамкепарчеран а, плаункепарчеран а) я шортта карсаш (йисинчу чурашкепарчеран, сагнийн, гинкганийн) йолуш ю, цу тӀе карсан аппаратан ультраструктура чӀогӀа тера ю ишттачух харан хинбецийн карсийн клеткашкахь (дакъа Баьццара хинбецаш).

Ораматийн клеткаш цхьаьнатуху хьесаша. Ораматийн хьесийн амалехь ю клеткашна юкъара хӀума ца хилар, боккха барам елла клеткаш (цхьадолу хьесий, масала, склеренхима а, тӀус а, лаьтта коьртаниг еллачу клеткех) хилар, ткъа иштта, дийнатех къаьсташ, ораматийн хьаса латта таро ю тайп-тайпана клеткех (масала, ксилема лаьтта хи чекхдолу элементех, дечиг а, де чиган паренхиман а хьесех).

Дукхаха йолу ораматийн амал ю дикка дегӀ декъалуш. Ораматийн дегӀ масех тайпана ду: талломан, цуьнца шеш йолу меженаш билгала ца йовлу, дегӀ хуьлу баьццара экъа (цхьайолу корсамкепарнаш, чураш) санна, гӀангӀаддерш – дегӀ ду маргӀал гӀаца (корни отсутствуют; большинство мохообразных), ораммаргӀалнаш – дегӀ декъало ораман а, маргӀалан а системан. Дукхаха йолу ораматийн маргӀал лаьтта семан декъех (гӀодах) а, агӀонийн фотосинтез яран меженех (гӀашшах), уьш хила тарло гӀодан арахьара хьесийн тӀедовларш (корсамкепарчеран), я цхьаьнакхетаран тӀаьхье дацдинчу агӀонийн геннийн (чурашкепарчеран). МаргӀалан хӀу башха меже — патар лору[3].

Ораматийн клеткашкахь лаьтта механорецептораш, лакхарчу ораматийн орамийн системаш хуьйцу органикан а, органикан йоцу а хӀуманаш лаьттан жӀалин нускалшца[14].

Хьажа иштта

Билгалдахарш

  1. University of Hamburg Department of Biology «First Scientific Descriptions Архивацийина 9 майхь 2014 шеран.».(Хьаьжина 22 ноябрехь 2007)
  2. Microbiology — Helium «Why algae, fungi and microbes are not considered plant life»(Хьаьжина 23 ноябрехь 2007)
  3. 1 2 Шипунов А. Б. Ораматаш // Биология: Школьная энциклопедия / Белякова Г. и др. — М.: БРЭ, 2004. — 990 с. — ISBN 5-85270-213-7
  4. 1 2 lnternational Union for Conservation of Nature and Natural Resources, 2010.1. IUCN Red List of Threatened Species:Summary Statistics Архивацийина 21 июлехь 2011 шеран.(ингалс.) (Хьаьжина 20 майхь 2010)
  5. Van den Hoek, C., D. G. Mann, & H. M. Jahns, 1995. Algae:An Introduction to Phycology. pages 343, 350, 392, 413, 425, 439, & 448 (Cambridge: Cambridge University Press). ISBN 0-521-30419-9
  6. Van den Hoek, C., D. G. Mann, & H. M. Jahns, 1995. Algae:An Introduction to Phycology. pages 457, 463, & 476. (Cambridge: Cambridge University Press). ISBN 0-521-30419-9
  7. Crandall-Stotler, Barbara. & Stotler, Raymond E., 2000. «Morphology and classification of the Marchantiophyta». page 21 in A. Jonathan Shaw & Bernard Goffinet (Eds.), Bryophyte Biology. (Cambridge: Cambridge University Press). ISBN 0-521-66097-1
  8. Schuster, Rudolf M., The Hepaticae and Anthocerotae of North America, volume VI, pages 712—713. (Chicago: Field Museum of Natural History, 1992). ISBN 0-914868-21-7.
  9. Buck, William R. & Bernard Goffinet, 2000. «Morphology and classification of mosses», page 71 in A. Jonathan Shaw & Bernard Goffinet (Eds.), Bryophyte Biology. (Cambridge: Cambridge University Press). ISBN 0-521-66097-1
  10. 1 2 3 4 Raven, Peter H., Ray F. Evert, & Susan E. Eichhorn, 2005. Biology of Plants, 7th edition. (New York: W. H. Freeman and Company). ISBN 0-7167-1007-2.
  11. Кеп:APWeb
  12. Gifford, Ernest M. & Adriance S. Foster, 1988. Morphology and Evolution of Vascular Plants, 3rd edition, page 358. (New York: W. H. Freeman and Company). ISBN 0-7167-1946-0.
  13. Taylor, Thomas N. & Edith L. Taylor, 1993. The Biology and Evolution of Fossil Plants, page 636. (New Jersey: Prentice-Hall). ISBN 0-13-651589-4.
  14. Роман Фишман Тайная жизнь растений // Популярная механика. — 2017. — № 4. — С. 32 — 35. — URL: http://www.popmech.ru/magazine/2017/174-issue/

license
cc-by-sa-3.0
copyright
Wikipedia authors and editors